Коьрта агIо » Керланаш » Тхан семинарехь хьеший

Тхан семинарехь хьеший

Гости на нашем семире 1Нохчийн меттан локализацица боьзна белхаш, шайн белхан декхаршца доьзна а доцуш, шаьш шайн лаамехь кхочушбеш кегий нах бу вайн махкахь. Ишттачарех бара отделан рогӀера семинаре кхайкхина хьеший. Царна юкъахь вара программист Бекаев Мовсар, «Даймохк» республикин газетин корреспондент Хасаханов Ислам, иштта информацин технологийн специалист волу Иорданера веана хьаша Ахьмад а. Бекаев Мовсар коьртачу декъана нохчийн маттаца йоьзна программаш еш ву. Семинарехь цо ша хӀотийна йолу онлайн-дошам гайтира. Цуьнан гӀоьнца цхьацца дош дина ца Ӏаш, предложенеш, фразанаш гочъяло нохчийн маттера оьрсийн матте а, юханехьа а. Билгалдаккха лаьа автора оцу программин чулацамна тӀехь ондда болх бина хилар. Масала, цо куьйга чудаьккхина 60000 сов дош а, дешнийн цхьаьнакхетарш а.
Карарчу хенахь и болх Хасаханов Исламца цхьаьна дӀахьуш бу цо. Оцу программица «Нохчийн меттан дошам» сайта тӀехь болх бан йиш ю (http://nohchiyn-mott.com). Амма интернет чохь пайдаэцархочо интернетца доьзна а доцуш болх бан йиш йолуш компьютеран а, мобиле а программаш ю Мовсара йина (http://ru.mobogenie.com/download-com.nohchiyn-3389492.html, http://www.twirpx.com/file/976538/, http://expresscloud137.weebly.com/blog/chechenskij-slovarj-skachatj-besplatno). Ткъа вайн лакхахь хьахийначу сайта тӀехь пайдаэцархойн, дешнаш гочдина ца Ӏаш, дешнийн база хӀоттош дакъалаца аьтту бу. Цул сов, сайта тӀехь дешнийн, фразийн лахаран башхаллаш хьайна бегӀийла хетачу агӀо нисъян таро ю: гочдаран нийсаллин тӀегӀа, уьш дӀанисдаран башхаллаш, гоч схьаоьцу хьостанаш харжа йиш ю. Мовсара билгалдаьккхира шаьш кестта программи чу ингалсан а, Ӏарбойн а меттанаш даха дагахь хилар. Ингалсан мотт чубаккхар «Нохчийн меттан дошам» сайта тӀехь хӀинцале долийна ду. И болх Исламца а, Ахьмадца а дӀахьур болуш бу.

Иштта гулбеллачеран тидам тӀебохуьйтуш яра «Даймохк» газетин корреспондента Хасаханов Ислама ша бечу балхах йина доклад а. Ислама ша «Вконтакте» юкъараллин машин интерфейс гочъеш бечу балхах лаьцна дийцира. Карарчу хенахь и болх чекхбалаза бу, амма Ислама жигара дӀахьуш бу и. Билгалдаккха лаьа, филологан дешар дешна вацахь а, Хасаханов Исламна нохчийн литературин мотт дика хаьа, цул сов, цуьнгахь гочдархочун корматалла ю.

Гости на нашем семире 2

Иорданера хьешо дийцира программаш а, интернет-агӀонаш а нохчийн матте яхар къаьсттина дозанал арахь бехачу нохчашна мел мехала хӀума ду. Цо хазахетарца билгалдаьккхира тӀаьхьарчу хенахь Нохчийчохь цу хьокъехь белхаш къаьсттина жигара дӀахьуш хилар. Иштта цо «Facebook» машин интерфейс нохчийн матте яьккхича, и арахьарчу нохчашна чӀогӀа пайдехьа гӀуллакх а, боккха кхаъ а хир бара аьлла, дийцира. Цо билгалдаьккхира, «Нохчийн меттан дошам» сайта тӀера материалаш Ӏарбойн а, ингалсан а меттанашка йохуш ша хаза а хеташ гӀо дийриг хилар.

Гости на нашем семире 3

 

Отделан белхалоша а дийцира хьешашка балха тӀехь шайна зеделларг, шайн кхиамаш, хьалха лаьтта декхарш а. Астемиров Арсланбека «Элп-І» программин таронех лаьцна дийцира, Linux ситемин LibreOffice текстан редактор чохь нохчийн меттан нийсаяздар таллар гайтира. Иштта, хьешашца йийцаре йира нохчийн дошамаш чуехкина GoldenDict программин керла верси.

Гости на нашем семире 4

Цхьаьнакхетар дерзале Умархаджиев Салаудис хьешашна ша автор волу нохчийн-оьрсийн, оьрсийн-нохчийн математикин терминийн дошамаш елира. Цул сов, оцу дошаман электронан верси схьаэца а, цу тӀера материалаш шайн онлайн-дошам юкъа яхийта а бакъо елира цо кегийчу нахана. Цара баркаллица тӀеийира шайна дина совгӀат. Семинаран декъахоша вовшашца зӀе латто барт бира, хӀунда аьлча цхьа Ӏалашо йолуш жигара къахьоьгучара вовшех дага а бовлуш бечу белхаша дуккха а кхиамаш баха таро ло.

 

 

Хетарг язде

Хьан e-mail гуш хир яц. Юза еза хьарманаш билгалйина ю *

*

Пайдаэца йиш йолу HTML-тегаш а, атрибуташ а: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>