Нохчийн Республикин Iилманийн Академин  пайде семиотикин отдел

Тхан семинарехь хьеший

Гости на нашем семире 1Нохчийн меттан локализацица боьзна белхаш, шайн белхан декхаршца доьзна а доцуш, шаьш шайн лаамехь кхочушбеш кегий нах бу вайн махкахь. Ишттачарех бара отделан рогӀера семинаре кхайкхина хьеший. Царна юкъахь вара программист Бекаев Мовсар, «Даймохк» республикин газетин корреспондент Хасаханов Ислам, иштта информацин технологийн специалист волу Иорданера веана хьаша Ахьмад а. Бекаев Мовсар коьртачу декъана нохчийн маттаца йоьзна программаш еш ву. Семинарехь цо ша хӀотийна йолу онлайн-дошам гайтира. Цуьнан гӀоьнца цхьацца дош дина ца Ӏаш, предложенеш, фразанаш гочъяло нохчийн маттера оьрсийн матте а, юханехьа а. Билгалдаккха лаьа автора оцу программин чулацамна тӀехь ондда болх бина хилар. Масала, цо куьйга чудаьккхина 60000 сов дош а, дешнийн цхьаьнакхетарш а.
Карарчу хенахь и болх Хасаханов Исламца цхьаьна дӀахьуш бу цо. Оцу программица «Нохчийн меттан дошам» сайта тӀехь болх бан йиш ю (http://nohchiyn-mott.com). Амма интернет чохь пайдаэцархочо интернетца доьзна а доцуш болх бан йиш йолуш компьютеран а, мобиле а программаш ю Мовсара йина (http://ru.mobogenie.com/download-com.nohchiyn-3389492.html, http://www.twirpx.com/file/976538/, http://expresscloud137.weebly.com/blog/chechenskij-slovarj-skachatj-besplatno). КхидIа еша…

Грантана заявка къобалйина хиларх хаам кхаьчна

УмархаджиевХIокху деношкахь хаам кхаьчна физикин-математикин Iилманийн кандидат волу Умархаджиев Салаудин Россин фундаментальни талламийн фонде чуелла йолу проект кхиамца чекхъяьлла хиларх.

Чуелла йолу проект Лебеган шорйинчу шортенийн интегралийн операторийн талламна лерина ю. Проектан куьйгалхо НР Iилманийн Академин пайде семиотикин отделан заведующи, физикин-математикин Iилманийн кандидат Умархахаджиев С.М. ву. Экспертийн сацамехь билгалдаьккхина ду проектан куьйгалхочун оцу темица боьзна чIогIа маьIна долуш кхиамаш хилар. Ткъа тема теорехь чIогIа хьашт долуш ю. КхидIа еша…

Нохчийн орфографин проблемашна лерина Iилманан семинар

DSC03731Нохчийн Республикин Iилманийн Академехь дIахьош йолу компьютерийн программийн нохчийн локализаци кхин дIаяхийта йиш йолуш яц, нохчийн орфографин а, грамматикин цхьадолу хаттарш къаста ца дича. И хаттарш тIаьхьарчу хенахь меттаIилманчаша, яздархоша, журналисташа НР IА семинарашкахь а, нохчийн мотт кхидIа кхиоран, исбаьхьаллин литературин а, нохчийн маттахь йолу кхечу зорбанан изданийн а мах хадоран Экспертийн Советан цхьаьнакхетаршкахь а дийцаре дина дара. Амма цкъачунна кхоччуш жоьпаш карийна дац. НР IА пайде семиотикин отделехь нохчийн меттан дешнийн гулар вовшахтухуш ю. И гулар компьютер тIехь нохчийн меттан орфографи толлу программа ян оьшуш ю. Оцу отделера белхалойн и болх цкъачунна сацо безна, хIунда аьлча, дешнаш шайн кепашца хуьйцу программа ян кхоччуш нисйина орфографин бакъонаш оьшу, амма нохчийн филологехь цкъачунна оцу хьокъехь дуккха а къастадаза хIуманаш ду.

И проблемаш йийцаре ярхьама НР IА куьйгалхоша сацам бира хIора баттахь пайде семиотикин отделан, меттан а, литературин а отделан цхьаьна семинараш дIакхехьа. КхидIа еша…

Нохчийн «I» элп язден программа

Мосазза схьаэцна: , барам: , терахь:

Йинарг: OPS-ANCHR
ТIеоьцу ОС: Windows XP, Windows Vista, Windows 7, Windows 8, Windows 10.
Верси: 2.1.1
Араяьлла дата: 2016
Разрядан терахь: x32 — x64
Мотт: Оьрсийн

Elp-I программо кхочушдийриг КхидIа еша…

Карасаев А.Т., Мациев А.Г. Оьрсийн-нохчийн словарь.

r-chОригинал:

Карасаев А.Т., Мациев А.Г. Оьрсийн-Нохчийн словарь.– М.: Оьрсийн мотт, 1978.–728 агIо

Аннотаци

Оьрсийн-нохчийн словаро чулоцу 40 эзар гергга хIинцалера оьрсийн меттан дош, алсам лелош йолу Iилманан-техникин терминологи, цул сов, дешнийн маьIна достуш долу дешнийн цхьаьнакхетарш, кицанаш, аларш.

Словарь ешархойн шуьйрачу гонна лерина ю: лакхарчу классийн дешархошна, студенташна, хьехархошна, гочдархошна, зорбанан, радион, телевиденин белхалошна, оьрсийн мотт Iамочарна. КхидIа еша…

Мациев А.Г. Нохчийн-оьрсийн словарь.

ch-r-sОригинал:

Мациев А.Г. Нохчийн-оьрсийн словарь. — М., ГИИНС., 1961. — 625 агIо.

Йоцца нохчийн меттан грамматикин очеркан юххедилларца

20000 дош

Аннотаци

Словарь юкъа дахна 20 эзар гергга дош, цу юкъа догIу хIинцалера нохчийн меттан юкъара лексикий, фразеологий. Словарь юкъахь ялийна ю нохчийн дешнийн грамматикин характеристика, нохчийн меттан грамматикин йоцца очерк а ю юкъатоьхна. КхидIа еша…

Кхаарин дийнахь 2014 шеран ноябран 26-хь дIаяьхьира пайде семиотикин отделан рогIера Iилманан семинар

cropped-26.11-1.jpgКхаарин дийнахь 2014 шеран ноябран 26-хь дIаяьхьира пайде семиотикин отделан рогIера Iилманан семинар. Иза Ubuntu ОС нохчийн матте йоккхуш кхоллалучу хаттаршна лерина яра.

Гочъян езаш йолу .ро файлаш отделан белхалошна юкъахь екъна ю. Оцу файлийн локализацин яр Poedit программи чохь дIахьо. Poedit – иза .ро файлийн редактор ю, цу чохь Ubuntu системин программийн юьхьанцара текст ингалс маттахь ялийна ю. Оцу программех информацига хьажа йиш ю хIокху адресца: http://poedit.net. Программи чохь цхьацца могIа гочбо, могIанаш номераш хIиттийна ду, цхьана бIогIамалга чохь ингалс маттахь текст ю, ткъа вукху бIогIамалга чохь хIора могIа нохчийн матте баьккхина бу. Нагахь гочдеш цхьацца хаттарш кхолладеллехь я къасто дезаш хIума диснехь, и могIа можа басаца схьакъасто йиш ю, «чекхдаккхаза гочдар» аьлла билгал а даьккхина. КхидIа еша…

Компьютерийн терминийн ингалс-оьрсийн-нохчийн дошамна тIехь болх

Работа над англо-русско-чеченским словарём компьютерных терминов

Ноябран 12 дийнахь НР IА конференц-зала чохь пайде семиотикин отдело Iилманан семинар дIаяьхьира. Цигахь дийцаре дира компьютерийн терминийн ингалс-оьрсийн-нохчийн дошам кхоллар. Докладаш йира отделан Iилманан белхалоша С.С. Ирезиевс, А.В. Астемировс.

Дошам 3300 терминех лаьтташ ю, иза уггар хьалха отделан белхалошна оьшуш ю РО файлаш гочъеш бечу балха тIехь. Цул сов, иза эша тарло нохчийн матте яьхна йолу компьютерийн программаш лелон йолчу пайдаэцархошна. Ирезев С-Х. дийцарехь, дошам кестта кийча хир ю, коьрта долчунна цу тIехь дан дезачух диснарг – иза цхьайолу шеконе терминаш йийцаре яр ду. КхидIа еша…

Мотт атта а, кхеташ а хилийта

Чтобы язык стал лаконичным и доступным

Июнан 16 дийнахь Нохчийн Республикин Iилманийн академехь меттаIилманчаша а, халкъан дешаран учрежденийн векалша а, нохчийн меттан хьехархоша а, яздархоша а дакъа а лоцуш цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Цигахь йийцаре йира «Нохчийн меттан орфографин бакъонаш къепе ялоран проект». И проблема НР IА дIахьучу Windows системин нохчийн локализацин чIогIа новкъарло еш ю. Проект йийцаре ярехь дакъалецира НР къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, информацин министран гIоьнча а, нохчийн мотт кхидIа кхиоран, исбаьхьаллин литературин а, нохчийн маттахь йолу кхечу зорбанан изданийн а мах хадоран Экспертийн Советан секретарь а волу Хамзатов Юнуса.

Къамел дIадолош Академин Президент Гаруров Ш. вистхилира, гулбеллачаьрга маршала хоттуш, и цхьаьнакхетар декъалдеш. Цо билгалдаьккхира и проект нохчийн литературин мотт кхиарехь а, и цхьа кепе балорехь а чIогIа маьIна долуш хилар, цо массаьрга а дийхира и йийцаре ярехь жигара дакъалацар, хIорамма шена хетарг а олуш. КхидIа еша…

Нохчийн-оьрсийн дошаман электронан аналог кечйина

Создан электронный аналог чеченско-русского словаря

2014 шеран мартан 25 дийнахь пайде семиотикин отделан белхалоша А.Г. Мациевн нохчийн-оьрсийн дошам (Мациев А.Г. Нохчийн-оьрсийн словарь. ГИИНС. М., 1961) терахьийн кепехь кечъеш бен болх чекхбаьккхина.

Цул хьалха кхоьллинера Карасаевн, Мациевн оьрсийн-нохчийн дошаман электронан вариант (Карасаев А. Т., Мациев А.Г. Русский язык. М., 1977). Оцу шинна а дошаман электронан варианташ кхоччуш оригиналашца йогIуш ю. Царна юкъахь хIиттийна ю мукъа аьзнийн дохаллин хьаьркаш, тохарш, идиомийн хьаьркаш, кхин лерина йолу хьаьркаш. КхидIа еша…

Наверх