Коьрта агIо » Тхан белхаш » Нохчийн тезаурус

Нохчийн тезаурус

Tezaurus схьаэца
Нохчийн тезаурус
Мосазза схьаэцна: 86, барам: 2.0 МБ, терахь: 2017 шеран 03 Февраль

Лелоран инструкци

Хаамийн файлана Меню

Хаам
— Программех — хIара файл схьайоьллу.
— Авторех — авторех лаьцна хаам

Текстан файл

— Къайдаргех файл цIанйар. Кху чохь схьайоьллу текстан файл,
хIора могIа / дош схьадоьшу, дешан хьалха, я тIаьхьа пробел
йолуш хилча, уьш дIайоху. Текстан файл меттахIайо, дерриге
дешнаш цаоьшучу пробелех дIацIанйича.

— Латиний элпах файл цIанйар. Сканерца, я FineReader
программица кечйина файлашца хийлузза нисло латинан элпаш
нохчий/оьрсий меттан текстана юкъадовлуш. Иштта меттиг хилча
латинан элпех цIанйо билгаллайаьккхина файл.
— База
— — Файлана чу яккхар.
— — Схьагайтар — база могIарехь гойту
— — Зорба тохар
— — Таблицехь гайтар — база таблицехь гойту
— Хаьржина дешнаш
— — Файлана чу яккхар
— — Схьагайтар
— — Зорба тохар

Базана файл

— Тезаурусан база ешар. Болх дIаболабале, тезаурусан база иэса
чу схьаешна хила еза.
— База ларйар. База керла тестан файла чохь ларйо. Керла текстан файли цIе а
хотту.
— База кхолла бакъо яккхар. База йоха ца йайта болх бан бакъо
яла еза болх бевзачунна.
— Абатаца нисйар. Абатан могIехь дешний база а нисйо,
дешца долу синонимаш а нисйо.
— Керла дош тIетохар. Керла кор схьа а доьллий, таро ло керла дош а, цуьнан
синонимаш а тIейазйан. Цхьаъ ша синоним тIетохало, хаьржинчу дешан синониман
корахь баьсса могIа хаьржича. керла кор доьллу, тIетухуш йолу синоним язйан.
— Харц дош дIадаккхар.
— Тезаурусан база кхоллар. Филолагаша кечйина текстан файлах
record базан файл ян еза.
— Синониман синонимаш гойтуш долу кор схьадоьлла. Изза дало Ctrl+T хаьржича.

ХIоттам

— Шрифтан. Шрифтан хIоттам нисба таро ло. Схьадоьллу Windows шрифташ хоржуш
долу кор.
— Зорбана. Принтера хIоттам нисба таро ло. Схьадоьллу Windows принтеран хIоттам
беш долу кор.

Статистика

Файлан статистика гойту.
— Масс дош ду дерриге а базехь.
— Масс синоним ю ерриге а.
— Масс дош ду
— — цхьа синоним йоцуш
— — цхьанна тIера ялхиттане кхаччалц синоним йолуш масс дош ду

Аравалар

Болх дIабирзача, программи чуьра аравалар. Сиха велла ахьа динехь,
олий, юха а хотту аравала лаар. «Ок» аьлча, чуьра аравала бакъо ло.

1 Комментарий

  1. These are truly enormous ideas in about blogging. You have touched some good factors here.
    Any way keep up wrinting.

Хетарг язде

Хьан e-mail гуш хир яц. Юза еза хьарманаш билгалйина ю *

*

Пайдаэца йиш йолу HTML-тегаш а, атрибуташ а: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>