Коьрта агIо » Тхан белхаш » Мациев А.Г. Нохчийн-оьрсийн словарь.

Мациев А.Г. Нохчийн-оьрсийн словарь.

ch-r-sОригинал:

Мациев А.Г. Нохчийн-оьрсийн словарь. — М., ГИИНС., 1961. — 625 агIо.

Йоцца нохчийн меттан грамматикин очеркан юххедилларца

20000 дош

Аннотаци

Словарь юкъа дахна 20 эзар гергга дош, цу юкъа догIу хIинцалера нохчийн меттан юкъара лексикий, фразеологий. Словарь юкъахь ялийна ю нохчийн дешнийн грамматикин характеристика, нохчийн меттан грамматикин йоцца очерк а ю юкъатоьхна.

Электронная версия:

Мациев. А.Г. Нохчийн-оьрсийн словарь, шеца нохчийн меттан йоцца грамматически очерк а йолуш.

20000 дош. 619 агIо.

Электронан верси ерриг а оригиналца йогIуш ю, диакритически хьаьркаш цхьаьна: мукъачу аьзнийн дохаллин хьаьркаш, тохарш, кхийолу символш.

Словаран электронан верси кечъеш дакъалаьцна Нохчийн Республикин Iилманийн Академин белхалоша  Умархаджиев С.М., Израилова Э.С., Султанов З.А., Астемиров А.В.,  НПУ-н математикин а, компьютерийн технологийн а факультетан студенташа.

Словарь схьаэца 

2 Комментарий

  1. авторски проваш хьенан ю и жайнин? Масала суна цхьа программ ян лаахь и дошам чохьа а йолуш хьаьнга хатта деза ас?

  2. Асланбек, оцу дошаман зорбанан версина авторийн бакъонаш А.Г. Мациевн гергарчаьргахь ю. Тхан отдело электронан верси кеч а йина, церан пурбанца оьшучунна пайденна аьлла йиллина ю и хӀокху сайта тӀе, маьрша схьаэца а, пайдаэца а йиш а йолуш. Цу юкъа догӀу тайп-тайпана маьхза программаш еш цунах пайдаэцар а. Программи чу а йиллина яржош волчо белхан авторийн цӀераш билгалйохуш хӀума дичахьана. И-м хьайна а хуу хир ду хьуна…

Хетарг язде

Хьан e-mail гуш хир яц. Юза еза хьарманаш билгалйина ю *

*

Пайдаэца йиш йолу HTML-тегаш а, атрибуташ а: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>