Коьрта агIо » Керланаш » Нохчийн орфографин проблемашна лерина Iилманан семинар

Нохчийн орфографин проблемашна лерина Iилманан семинар

DSC03731Нохчийн Республикин Iилманийн Академехь дIахьош йолу компьютерийн программийн нохчийн локализаци кхин дIаяхийта йиш йолуш яц, нохчийн орфографин а, грамматикин цхьадолу хаттарш къаста ца дича. И хаттарш тIаьхьарчу хенахь меттаIилманчаша, яздархоша, журналисташа НР IА семинарашкахь а, нохчийн мотт кхидIа кхиоран, исбаьхьаллин литературин а, нохчийн маттахь йолу кхечу зорбанан изданийн а мах хадоран Экспертийн Советан цхьаьнакхетаршкахь а дийцаре дина дара. Амма цкъачунна кхоччуш жоьпаш карийна дац. НР IА пайде семиотикин отделехь нохчийн меттан дешнийн гулар вовшахтухуш ю. И гулар компьютер тIехь нохчийн меттан орфографи толлу программа ян оьшуш ю. Оцу отделера белхалойн и болх цкъачунна сацо безна, хIунда аьлча, дешнаш шайн кепашца хуьйцу программа ян кхоччуш нисйина орфографин бакъонаш оьшу, амма нохчийн филологехь цкъачунна оцу хьокъехь дуккха а къастадаза хIуманаш ду.

И проблемаш йийцаре ярхьама НР IА куьйгалхоша сацам бира хIора баттахь пайде семиотикин отделан, меттан а, литературин а отделан цхьаьна семинараш дIакхехьа.

Хьалхара семинар 2015 шеран апрелан 9 дийнахь хилира. Семинарехь дакъалоцуш бара НР IА вице-президент физикин-математикин Iилманийн доктор Р.Х. Дадашев, меттаIилманчаш филологин Iилманан докторш В.Д. Тимаев, М.Р. Овхадов, М.Х. Халидов, филологин Iилманан кандидаташ А.Д. Вагапов, меттан а, литературин а отделан куьйгалхо Н.Н. Альбеков, лакхахь билгалйинчу Экспертийн Советан секретарь журналист Х.Б. Юсупов, физикин-математикин Iилманийн кадидат, пайде семиотикин отделан куьйгалхо С.М. Умархаджиев, НР IА кхиболу белхалой.

DSC03737

Семинар дIаяьхьира профессора Р.Х. Дадашевс. Доклад йийриг пайде семиотикин отделан Iилманан белхало Бадаева Iайшат яра. Цуьнан «Нохчийн орфографин цхьадолу хаттарш» цIе йолу доклад коьрта долчунна нийсаяздаран хьокъехь долу хаттарех лаьтташ яра. Дийцаре дан леринчу хаттаршна юкъахь дара, масала, юьхьанцарчу кепан орамехь ов дифтонг йолу дешнийн кепашца хийцадаларан бакъонаш (довза, хьовса, ков), цхьадолу хандешнийн нийсаяздаран бакъонаш, цхьа хIума билгалден масех лард цхьаьна я къаьстина яздар.

ХIора хаттарна жоп семинаран декъахоша дийцаре деш дара, Iилманчаша шайн варианташна Iилманан бух балабора, цул тIаьхьа уьш, гуттар а бохург санна, массо а цхьана варианта тIехь совцура.

Декъахошна хетарехь, семинарах чIогIа пайда баьлла, нохчийн орфографин дуккха а хаттарийн хьокъехь цхьа йист а яьккхина.

DSC03738

Масала, ов юкъахь долу хийцалуш йолу лардех дуьйцуш, В.Д. Тимаевс билгалдаьккхира, фонетикин башхаллашка диллича ([ов], –и аффикс хилча, кIад а дела, [оьв] дифтонге дерза дезаш ду) нийса хета вариант тIелаьцча бакъахьа хилар. Кхиболу Iилманчаш цунна тIетайра. Къаьсттина дийцаре дира цхьадолу терахьдешнийн нийсаяздар. Амма тIаьххьара церан сацам хилира, А.Г. Мациевс шен словарь тIехь ялийначу кепаш тIехь совца. Иштта йийцаре йира цхьайолу латтаман кепаш, схьадоьвллачу хандешнийн аффиксаш, нийсадоцу хандешнийн тайп-тайпана кепаш нийсаязъяаран проблемаш.

1 Комментарий

  1. 1аламат ч1ог1а дика г1уллакх ду х1ара. Вайн меттан йозанехь дукха х1уманаш ду кего дезаш, кхеташ болчу наха къесто дезаш. Соьмо сагатдечу нахана пайдабоцуш а хеташ, амма вайн къоман юкъарчу г1уллакхаш т1ехь саготта болчу наха т1ехь ойла йан езаш дукха хеттарш ду маттаца доьзна. Дала мукъа лахь, вовшашка лерам хилахь, собаре хилахь, мел а сиха цхьалхадахалур долуш х1уманаш ду уьш. Бакъахьа хир дара, баттахь шозза гуллуш хилча.

Хетарг язде

Хьан e-mail гуш хир яц. Юза еза хьарманаш билгалйина ю *

*

code

Пайдаэца йиш йолу HTML-тегаш а, атрибуташ а: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>