Коьрта агIо » Керланаш » Нохчийн орфографи тоярехьа мехала гӀулч

Нохчийн орфографи тоярехьа мехала гӀулч


IMG_1288
НР ӀА Президиуман рогӀера кхеташо дӀайахара 2016 шеран йанваран 26-чохь. Кхеташонехь кхечаьрца цхьаьна дийцаре дира нохчийн меттан нийсайаздар къепе далоран гӀуллакх а.

Нохчийн орфографи тойаран гӀуллакх нохчийн меттаӀилманчаша дуьйцу масех шо ду. Оцу йукъана цара талламан белхаш бина, керла бакъонаш йукъайахар мел оьшу а, церан Ӏилманехьа долу баххаш а толлуш, керла бакъонаш тӀеэцарехь мелла а атта, лазаме доцу некъаш лоьхуш. Цу хьокъехь цара конференцешкахь докладаш йина, Ӏилманан статйаш зорбане йаьхна. Цара нисйина бакъонаш хӀинца а йукъара бакъонаш санна тӀелаьцна йац, амма нохчийн маттаца болх бечу специалисташа, массара а бохург санна, и бакъонаш къепе йалоран болх ма-хуьллу сиха чекхбаккхар а, цул тӀаьхьа уьш массарна тӀе а йохкуш, йукъара норманаш санна тӀеэцар а мотт кхиарехьа чӀогӀа пайдехьа, мехалла гӀуллакх хирг хилар билгалдоккху.

Компйутерийн программийн нохчийн локализаци кхочушйеш, пайде семиотикин отделан белхалоша меттан коьчал (дешнаш) терахьийн формате йоккхуш, кечйеш боккха болх бу дӀахьош. Цундела орфографехь цхьадолчу хаттаршна билггал цхьа бакъонаш цахиларо, цул сов цхьайолу бакъонаш кестта хийцайала тарлуш хиларо чӀогӀа дуьхьло йо нохчийн мотт компйутерийн технологишкахь баржоран балха тӀехь. Хьалхо пайде семиотикин отдело а, меттан, литературин отдело а цхьаьна масех семинар дӀайаьхьнера орфографин бакъонаш йийцаре йеш. Оцу семинарашкахь цу шина отделан белхалоша а, Академин вице-президента Р.Х. Дадашевс а, Гуманитаре талламийн институтан директора С.С. Магамадовс а, нохчийн мотт кхидIа кхиоран, исбаьхьаллин литературин а, нохчийн маттахь йолу кхечу зорбанан изданийн а мах хадоран Экспертийн Советан секретарь волу Х.Б. Йусуповс а, кхечара а дакъалецира.

Оцу цхьаьнакхетаршкахь дийцаре динарг тидаме а оьцуш, Академин белхалоша нохчийн орфографехь тӀелаьцча бакъахьа хеташ йолу масех бакъо вовшахтоьхнера. Цу йукъахь билгалйаккхинарг йиъ бакъо бен йац. Уьш хьалха кечйина хиллачу «Нохчийн меттан орфографи тойаран пройект» (А.И. Халидов) тӀехь йийцина а йолуш, лакхахь хьахийна кхеташонашкахь массо а филологаша: А.Д. Тимаевс, М.Р. Овхадовс, А.И. Халидовс, А.Д. Вагаповс, Н.Н. Альбековс – къобалйина йу.

И бакъонаш НР ӀА президиуман кхеташонехь Академис къобалйен норма санна билгалйаьхна. Пайде семиотикин отделехь кхин дӀа бен болх царна тӀе а тийжаш бийр болуш сацам хилла.

4 Комментарий

  1. Ассалам Iалайкум
    Дика мел дерш кху шу

    Аша мел хьегна къа, Дала меле йаздойла. Шун пурбанца сайна хетар эр дара ас:
    «Ю» «Я» «Юь» «Яь» дIадахарх-м кхетош ду, церан метта «Йу» а «Йа» И.Кх.Д элпаш хIиттийча, тхан Нохчийн-Iаьрбийн электрона дошаман тIехь нисло а деша атта а хуьлу. Делахь и «Е» дIадаккхарх-м ца кхета со. Масала, вайн дошамаш тIера аша ма аьллар хийцича иштта дIахIутту «Е» элп:

    ЙЕ
    йеакIов (оьр. квадратный)مُرَبَّع ، تَرْبِيعِيّ
    ~ къовларш (оьр. квадратные скобки)القَوْسانِ الْمُرَبَّعانِ أَوِ الْمَعْقُوفان ; ~нан (квадратан)
    орам (оьр. квадратный корень — мат.)جَذْر تَرِبِيعِيّ ; ~не (квадрате) даккха (оьр.
    возвести в квадрат)رَبَّعَ
    йеарин де (ду) (оьр. четверг)يَوْمُ الخَمِيس
    йеарин дийнахьفِي يَوْمِ الخَمِيسِ
    ЙЕвропа (ю)أُورُوبّا ، قارَةُ أُوروُبّا
    ЙЕгипйет (ю) (Мисар)مِصْر (دَوْلَة)
    йего [йегайо, йегийра, йегийна] (юارْتَجَفَ ، ارْتَعَشَ . نَفَضَ (الشَّيْءَ أَوِ الغُبارَ عَنِ الشَّيْء) (لِلْجِنْسِ الثّانِي
    мелла йегайо изаهِيَ تَرْتَجِفُ مِنَ البَرْد ; шен хеча йегийра цоنَفَضَ سِرْوالَهُ
    йедда (юرَكْضاً (لِلْجِنْسِ الثّانِي
    ~ яхара изаهِيَ ذَهَبَتْ رَكْضاً ; ~ яхна изаتَزَوَّجَتِ الفَتَاهُ خَطِيفَةً حَسَب العادَةِ الشِّيشانِيَّةِ
    йез (ду) -аш ду [йоьзан, йоьзана, йоьзо] (оьр. жёлтая медь)نُحاس أَصْفَر
    йеза (юثَقِيل ، ثَمِين ، مُبارَك ، مُعَظَّم (لِلْجِنْسِ الثّانِي
    хIара ишкап дукха ~ юهَذِهِ الخِزانَةُ ثَقِيلَة جِدّاً ; хIара ишкап механа ~ юهَذِهِ الخِزانَةُ غالِيَةُ السِّعْرِ
    ; Лайлатул Къадр ~ буьйса юلَيْلَةُ القَدْرِ لَيْلَة مُبارَكَة
    йеза [йеза, йийзира, йезна] (юأَحَبَّ . أَرادَ ، احْتاجَ . يَجِبُ ، يَنْبَغِي (لِلْجِنْسِ الثّانِي
    суна сайн йоI дукха ~أُحِبُّ ابْنَتِي كَثِيراً ; хьуна хIун ~?ماذا تُرِيدُ / ماذا تُرِيدِينَ؟
    со цIа яха ~يَجِبُ أَنْ أَذْهَبَ إلى البَيْت (لِلْمُؤَنَّث)
    йезар (ю) [-ан, -на, -о] (оьр. любовница)مَحْبُوبَة ، حَبِيبَة
    йездари (ду) (оьр. парча) (махмар)قُماش مِنَ الحَرِيرِ مُقَصَّب أَوْ مُطَرَّز بِخُيُوطِ أَوِ الذَّهَبِ أَوِ الفِضَّةِ
    йезийта (оьр. понудительная форма от йезаحَبَّبَ (فِعْل حَثِّيّ مِنْ
    [йоьзуьйту, йезийтира, йезийтина] ; нахана ша йоьзуьйту цоهِيَ تُحَبِّبُ النّاسَ بِها
    йейта 1[йоьйту, йейтира, йейтина] (оьр. понудительная форма от ен 1جَعَلَهُ يَقْتُلُ (فِعْل حَثِّيّ مِنْ
    йейта 2[йоьйту, йейтира, йейтина] (оьр. понудительная форма от ен 2 جَعَلَهُ يَزْرَعُ (فِعْل حَثِّيّ مِنْ
    йейтта = дейтта
    йека [йека, йийкира, йекна] = дека
    *да ма ~ (хьан, цуьнан)بادِئَة تَعَجُّبِيَّة
    да ма йека Майма хьан! И хIун дара ахь аьлларг?عَجَباً يا مايْما ، ما هَذا الَّذِي تَقُولِينَهُ
    йекха 1 (оьр. испытывающий недостаток жиров в организме) هُزال (نَقْصُ الْمَوادِّ الغِذائِيَّةِ في الجِسْم)
    йекха 2[йекха, йийкхира, йекхна] (оьр. прояснеть)صَفَى ، صَحا
    стигал йекхна (оьр. небо прояснело)صَفَتِ السَّماءُ
    йекхна صافٍ ، صَحْو
    стигал ~ юالسَّماءُ صافِيَة ; ~ стигалسَماء صافِيَة
    йекхоъ (ю) йекхоаш ю [йекхоан, -на, йекхоо, йекхоэ]1- غُدَّة (غُدَد) 2- عُقْدَة لِيمْفاوِيَّة
    (оьр. 1- железа — шейная 2- лимфатический узел)
    йекхоаш яхкар (оьр. воспаление железы)التِهابُ اللَّوْزَتَيْن ; хьакхаран йекхоашغُدَد دُهْنِيَّة
    йекъа 2 (оьр. сухой, жёсткий) (юجافّ ، يابِس ، ناشِف ، قاسٍ ، قاحِل (للجِنْس الثّاني
    йекъа [йоькъу, йийкъира, йекъна] (декъаوَزَّعَ ، قَسَّمَ ، جَزّأَ (للجِنْس الثّاني . راجِعْ فِعْل
    йекъа къамкъарг (ю) (оьр. трахея)القَصَبَةُ الهَوائِيَّةُ (تَشْرِيح)
    йела [йоьлу, йийлира, йийлина] (оьр. смеяться) (ю ضَحِكَتْ (لِلْجِنْسِ الثّانِي
    стенах йоьлу хьо?مِمَّ تَضْحَكِينَ؟
    йелахь (юإذا (لِلْجِنْسِ الثّانِي
    и цIахь ~ вогIур ву соسآتِي إذا كانَتْ في البَيْت
    йелаш (ю) (оьр. множественное число от ял 1فَوائِد (رِبا) ، ضَرائِب ، رُسُوم (جَمْع لِكَلِمَة
    йелаяла [йелало, йелайелира, йелаелла] 1- ابْتَسَمَتْ ، ضَحِكَتْ 2- اسْتَطاعَتْ أَنْ (تَبْتَسِمَ ، تَضْحَكَ)
    (оьр. 1- улыбаться, усмехнуться, засмеяться 2- потенциальная форма от йела)
    йелла, йелларг (юمَيِّتَة ، مُتَوَفّاة (لِلْجِنْسِ الثّانِي
    цуьнан нана йелла юأُمُّهُ مَيِّتَة
    йелла [йоьллу, йиллира, йиллина] (оьр. открыть) (юفَتَحَ (لِلْجِنْسِ الثانِي
    неI ~!افْتَحِ الباب ; неI йиллина юالبابُ مَفْتُوح
    йеллийта (оьр. понудительная форма от йелла(فِعْل حَثِّيّ مِنْ
    [йоьллуьйту, йеллийтира, йеллийтина]
    йело [йелайо, йелийра, йелийна] (оьр. смешить) (юأَضْحَكَ ، ضَحَّكَ (لِلْجِنْسِ الثّانِي
    хьа йелийра иза?مَنْ أَضْحَكَها؟
    йелха [йоьлху, йилхира, йилхина] (оьр. плакать) (юبَكَتْ (لِلْجِنْسِ الثّانِي
    хьо хIунда йоьлху?لِماذا تَبْكِينَ؟ ; ахIи-декъе яхна йелхаتَبْكِي بِحُرْقَةٍ
    йелхийта (оьр. понудительная форма от йелхаجَعَلَها تَبْكِي (فِعْل حَثِّيّ مِنْ
    [йоьлхуьйту, йелхийтира, йелхийтина]
    йелхо [йелхайо, йелхийра, йелхийна] (оьр. заставить плакать) (юأَبْكَى (لِلْجِنْسِ الثّانِي
    и йоI хIунда йелхайо ахь?لِماذا تُبَكِّي البِنْت؟
    йемалдан (оьр. опорочить) عابَ ، انْتَقَصَ ، قَدَحَ في
    цара иза йемалвоهُمْ يَنْتَقِصُونَهُ (لِلْمُذَكَّرِ)
    йен 1[йоь, йийра, йийна] (оьр. убить) (юقَتَلَ ، ذَبَحَ (لِلْجِنْسِ الثّانِي الْمُفْرَد
    таллархочо борз йийра (оьр. охотник убил волка)قَتَلَ الصَّيادُ الذِّئْبَ
    йен 2[йоь, йийра, йийна] (оьр. посеять, сеять) (юزَرَعَ (لِلْجِنْسِ الثّانِي
    йерг (юالَّذِي (لِلْجِنْسِ الثّانِي
    тIорказ чохь ~ хIун ю?ما الَّذِي يُوجَدُ في الصُّنْدُوقِ؟
    йерза [йоьрзу, йирзира, йирзина] (юاسْتَدارَ ، التَئَمَ ، أَطَّلَ عَلى (لِلْجِنْسِ الثّانِي
    йоI соьгахьа йирзираاسْتَدارَتِ الفَتَاةُ نَحْوِي ; чов сиха йирзираالتَأمَ الجُرْحُ بِسُرْعَةٍ ; неI къилбехьа
    йирзина юالبابُ مُطِلّ نَحْوَ الجَنُوب ; дешархо Iилманна тIе йирзираعَكَفَتِ الطّالِبَةُ عَلى العِلْم
    йерзо [йерзайо, йерзийра, йерзийна] (юأَدارَ ، وَجَّهَ . عالَجَ (لِلْجِنْسِ الثّانِي
    йерриг (юكُلّ ، جَمِيع ، بِالكامِلِ (لِلْجِنْسِ الثّانِي
    йерстана (юبَدِينَة ، سَمِينَة (لِلْجِنْسِ الثّانِي
    ~ ятIа йоллу изаتَكادُ تَنْفَجِرُ مِنَ البَدانَة
    ЙЕса (ду) [-нан, -нна, -но]سُورَةُ ياسِين
    ~ дешаقَرأَ سُورَةَ ياسِين وَعَدَد مِنَ الأَذْكارِ عَلى رُوحِ الْمَيِّتِ
    йесалла (ю) (оьр. пустота)فَراغ ، خَلاء ، خَواء
    йеста [йеста, йистира, йистина] (юانْتَفَخَ . تَوَرَّمَ (لِلْجِنْسِ الثّانِي
    лазийна меттиг йистираانْتَفَخَتِ الْمِنْطَقَة الْمُصابَةُ
    йестийта (оьр. понудительная форма от естаجَعَلَهُ يَنْتَفِخُ أَوْ يَتَوَرَّمُ (فِعْل حَثِّيّ مِنْ
    [йоьстуьйту, естийтира, естийтина]
    йетт (бу) хьелий ду [аьттан, аьттана, аьтто] (оьр. корова)بَقَرَة (أَبْقار ، بَقَرات)
    аьттан шураحَليِبُ البَقَر ; ~ оза (оьр. подоить корову)حَلَبَ البَقَرَة
    машане ~ (оьр. молочная корова)بَقَرَة حَلُوب ; ~ Iаьхираخارَتِ البَقَرَة
    ~ бехкина (оьр. корова отелилась)وَلَدَتِ البَقَرَة ; пхора ~ (оьр. стельная корова)بَقَرَة حامِل
    ~ бугIе лаца (оьр. случить корову)سَفَدَ البَقَرَةَ (جَعَلَها تُلَقَّحُ مِنْ قِبَلِ الثَّوْر)
    ~ бигинчул тIаьхьа зайл ца буллуلا يُفِيدُ إغْلاقُ البابِ بَعْدَ سَرِقَةِ البَقَرة (مَثَل)
    йетта [йетта, йиттира, йиттина](ضَرَبَ ، قَرَعَ ، طَرَقَ) (فِعْل مُسْتَمِرّ)
    вала воллалц йиттира цуннаضُرِبَ ضَرْباً مُمِيتاً
    йеттар ضَرْب (اسْمُ الفِعْل)
    ~ца Iамалур дац берلا يُمْكِنُ تَأدِيبُ الطِّفْلِ بِالضَّرْبِ
    йеттийта (оьр. понудительная форма от йетта (فِعْل حَثِّيّ مِنْ
    [йоьттуьйту, йеттийтира, йеттийтина]
    ас-м йоьттуьйтур яц цхьаьнгге а хьунаلَنْ أَدَعَ أَحَداً يَضْرِبُكَ
    йетшура (ю) (оьр. простокваша, йогурт) لَبَن رائِب
    йеха 1[йоьху, йийхира, йехна] (юخَطَبَ ، طَلَبَ يَدَ فَتَاةٍ لِلزَّواجِ (لِلْجِنْسِ الثّانِي
    цуьнан йоI ~ баьхкира уьшحَضَرُوا لِخِطْبَةِ ابْنَتِهِ
    йеха 2 (оьр. длинный, долгий. длинно, долго) (юطَوِيل، مَمْدُود . بِشَكْلٍ طَوِيل (لِلْجِنْسِ الثّانِي
    ~ месашشَعْر طَويِل
    йехк 1(ю) ахкарш ю [ахкаран, кхкарна, ахкаро] (оьр. гребень, расческа)مُشْط (أَمْشاط)
    ~ хьакха (оьр. расчесать)مَشَّطَ ، سَرَّحَ شَعْرَهُ ; ахкаран цергашأَسْنانُ الْمِشْطِ
    юькъа ~ (оьр. частый гребень)مُشْط أَسْنانُهُ مُتَراصَّة
    йехка [йоьхку, йихкира, йихкина] (юرَبَطَ ، ضَمَّدَ ، عَقَدَ (لِلْجِنْسِ الثّانِي
    чов ~رَبَطَ أَوْ ضَمَّدَ الجُرْحَ ; юкъ йехкаشَدَّ وَسْطَهُ بِحِزام أَوْ تَحَزَّمَ بِسِلاح عَلى وَسْطِهِ
    йешап (ду) -аш ду [-ан, -на, -о] (оьр. старуха-колдунья)عَجُوز ساحِرَة (في الحِكاياتِ)

    Цул сов, вайн йозанехь уггар доккха ант, мукъаза элпаш маца даха ала деза я маца дацдан деза ду. ШолгIаниг , цхьатерра йаздеш а олуш амма маьIна тайп-тайпана долун дешнаш ду. Уьш нисдан а дац хала.

    Ларамца

    Балир, Абдул Хьамид

    • Абдул Хьамид Бакир, Дела реза хуьлда хьуна. Тхуна чӀогӀа мехала ду и хаттарш цу хӀуманца бала а кхочуш, цунах кхетам а болуш болчу нахаца дийцаре дар. Хьан хаттарх со дикка кхетта моьттуш йац, амма сайна ма-кхеттара жоп лур ас.
      Цкъа делахь, и элпаш (я, ю, е) нохчийн алфавита йукъара дӀадаха сихдала оьшу аьлла ца хета тхуна, хӀунда аьлча цхьадолу тӀеэцначу дешнийн нийсайаздар керлачу агӀор билгалдаккха дезаш хуьлу, уьш дӀадаьхча: сентЯбрь, октЯбрь, калькулЯтор, перпендикулЯр, кхидерш а. Амма оцу элпаша ШИ АЗ БИЛГАЛДЕЧОХЬ ши элп йаздича бакъахьа хета тхуна. Деша атта хиларал сов, нохчийн грамматикин цхьайолу башхаллаш йозан къамелехь а билгалйаха аьтто бо иштта йаздаро.
      ШолгӀа. Со нийса кхеттехь, «ЙЕША», «ЙЕХА» дешнашкахь «Й» элп совнаха хеташ дина дара моьтту суна и хаттар, хӀунда аьлча «Е» элпано, алфавитехь ма-аллара аьлча, ишта а чулоцу «Й» аз. Амма вайн изза ала йиш ма ю «Я», «Ю» элпийн хьокъехь а (оьрсийн а, таханлера дийнахь лела нохчийн а орфографехь оцу элпаша дешнийн йуьххьехь, мукъа элпана йа Ь, Ъ хьаркашна тӀаьхьа догӀуш хилча шишша аз билгалдо: йа, йу). Цхьаболчара цунна метта «ЙЭ» яздича гӀоле хета. Амма таханлерачу бакъонашца нохчийн а, оьрсийн а орфографехь «Э» элп [э] озана хьалха мукъаза аз ца хилчий бен ца леладо, кхечанхьа массанхьа а «Е» йаздо. Цундела тхуна ахь лакхахьа далийна дешнийн йаздар нийса хета (йеакIов (оьр. квадратный), йеарин де (ду) (оьр. четверг)يَوْمُ الخَمِيس, йеарин дийнахьفِي يَوْمِ الخَمِيس, Йевропа (ю)أُورُوبّا ، قارَةُ أُوروُبّا. Амма ЙЕгипйет (ю) (Мисар)مِصْر (دَوْلَة)). Масала, хӀокху тайпа дешнашкахь: ДЕйтта – ЙЕйтта, ДЕша – Йеша – дика гуш хуьлу ЙЕ – иза кхидерш санна, мукъазчуй, мукъий аьзнех лаьтта дешдакъа хилар. ДЕха, ВЕха, БЕха, ЙЕха.

  2. ТIаккха и элп дошамаш тIехь къепе хIоттош, Й элпца хIотта деза, дезий?

Хетарг язде

Хьан e-mail гуш хир яц. Юза еза хьарманаш билгалйина ю *

*

Пайдаэца йиш йолу HTML-тегаш а, атрибуташ а: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>