Коьрта агIо » Керланаш » Мотт атта а, кхеташ а хилийта

Мотт атта а, кхеташ а хилийта

Чтобы язык стал лаконичным и доступным

Июнан 16 дийнахь Нохчийн Республикин Iилманийн академехь меттаIилманчаша а, халкъан дешаран учрежденийн векалша а, нохчийн меттан хьехархоша а, яздархоша а дакъа а лоцуш цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Цигахь йийцаре йира «Нохчийн меттан орфографин бакъонаш къепе ялоран проект». И проблема НР IА дIахьучу Windows системин нохчийн локализацин чIогIа новкъарло еш ю. Проект йийцаре ярехь дакъалецира НР къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, информацин министран гIоьнча а, нохчийн мотт кхидIа кхиоран, исбаьхьаллин литературин а, нохчийн маттахь йолу кхечу зорбанан изданийн а мах хадоран Экспертийн Советан секретарь а волу Хамзатов Юнуса.

Къамел дIадолош Академин Президент Гаруров Ш. вистхилира, гулбеллачаьрга маршала хоттуш, и цхьаьнакхетар декъалдеш. Цо билгалдаьккхира и проект нохчийн литературин мотт кхиарехь а, и цхьа кепе балорехь а чIогIа маьIна долуш хилар, цо массаьрга а дийхира и йийцаре ярехь жигара дакъалацар, хIорамма шена хетарг а олуш.

Чтобы язык стал лаконичным и доступным

И проект хIоттийна волу филологин Iилманийн доктора, профессора Хилидов Айсас цу хьокъехь доклад йира, нохчийн меттан орфографин бакъонаш къепе ерзош дан дезачух шена хетарг а дуьйцуш. Цо билгалдаьккхира нохчийн орфографин коьрта принцип фонетикин принцип хила еза аьлла.

— Амма «коьрта» бохург дац, дерриге а дешнийн, дешнийн кепийн яздарш 100 %-на аларца нисдина хила деза бохург, кхечу кепара яздарш а хила тарло, масала, хезаш доцу аьзнаш («шеконан мукъа аьзнаш») йозанехь гойтуш а. Еккъа цIена фонетикин принцип нохчийн йозанехь хила тарлуш цахиларан бахьана го вай лелош йолчу алфавитехь долчу элпашца алар а, яздар нийсса цхьаьнадогIуш цахиларехь а: долуш долу элпаш аьзнел кIезиг ду.

Цундела, оцу коьртачу принципца цхьаьна нохчийн орфографехь иштта лелаш ю морфологин принцип а(я морфонематикин): фонетикин принципо мелла аьтто бан беза вайн дешнийн, дешнийн кепийн яздар ма-тарло аларца нисдан, амма грамматикин норманаш талхош хила ца деза йоза.

КхидIа А.И. Халидовс билгалдаьккхира, орфографин бакъонаш къепе ялош, хийцамаш ма-хуллу кIезиг хилийта беза аьлла. «И хийцамаш дукха мел хуьлу, йозанан маттаца болх бечу нахана, халонаш сов хилар бен, пайда ца хуьлу, къаьсттина хала хир ду мотт хьоьхучарна».

Чтобы язык стал лаконичным и доступным

— Хаа деза, цкъацкъа алар, яздар кхоччуш дIанисдан йиш цахилар. Цу хьокъехь бкъасто деза, аьзнийн дохала йозанехь гайта оьшуш дуй те. Суна хетарехь, мукъачу аьзнийн дехалла гайтарна тIе ца гIертар гIолехь ду. Аьзнийн деха хилар деккъа цIена цхьана элпаца, тIехула а, бухахь а, агIонца а элпаца кхин хьаьркаш а ца лелош, и дан йиш хилча, оьшуш-м дара иза, амма я кириллицехь а, я латиницехь а цхьана а меттан йозанехь иштта элпаш карийна дац, — чIагIдира Iилманчас. КхидIа цо дийцира аьзнийн дохала гойту тайп-тайпана некъаш.

Иштта шен даклада тIехь тIеэцначу дешнийн нийсаяздаран бакъонаш тIе тидам бахийтира А. Халидовс. Цунна хетарехь, тIеэцначу дешнийн яздар церан схьааларца нисдина хила деза.

Шен къамел дерзош, А. Халидовс билгалдаьккхира: «ТIейогIучу хенахь орфографин бакъонашца йоьзна проблемаш юх-юха а гучу ца йийлийта хIинцехь дуьйна амал бан беза, тIечIагIйина йолу орфографин а, орфоэпин а бакъонаш йозан я барта къамелан кепех пайда а оьцуш, болх бечаьрга кхоччуш ларъяйта».

Проект йийцаре еш дакъалецира профессор, меттаIилманийн доктор волу Тимаев вахас, журналиста Юнусов Хьамзата, меттаIилманчас Вагапов Iарбис, литературин критик, «Орга» журналан коьрта редактор волу Минкаилов Эльбруса, журналиста Сумбулатов Денис, поэта Цуруев Шарипа, лаккхарчу дешарна учрежденийн, школийн хьехархоша.

Къамел дерзош, сацам бира, Массарна а тIекхочехь хилийта, Халидов Айсин докладан йоллу текст «Вести Республики» газета тIехь зорбатоха а, НР Iилманийн Академин сайта тIе яккха а.

2 Комментарий

  1. Муоттанчаштта и «ИЄ» / «И̇Є», «Є / Є̇», «А / А̇», икх., му̇ха билгал ца да̇хло, кхи̇йташ ва̇ц со, тјкъа̇ ди̇йца дукха аъ ду йєрш, ам до̇ца аьллча, куоьрта Цакха̇чамаш:
    Дє̇ха йи, до̇ца йи, Єлпаш йукъиєда̇хар
    Цјєрдиєшнаш доккхачу Єлпашца йа̇зздар
    Куццдиєшнашин Чєккиєнаш ни̇йса йа̇ззйар, До̇лду̇жарштта и Буолх тјибилла аъ ца гји̇єрташ
    Шалхмокъаьззнаш йукъиєда̇хар, «ИЄ» долчигахь, йє «И̇Є» долчигахь «Є» йа̇ззди̇єш, вайн Муотт хјаллакба аъ ца гји̇єрташ
    Билгала Шалхєлпаш дола Диєшнаш ни̇йсйа̇зздар — Буцц; Куцц, Ла̇мм, Гја̇мм, икх.

    Тјкъа̇, цулла аъ соувнаха, Латиниє Муотт йукъара Гја̇зкхиш тјии̇єццан Диєшнаш, йухтјии̇йца аъ ца гји̇єрташ, латиниє Муотт санна, вайн на̇хчиє Муотт болаш На̇х вай аъ ма дар, вайга ваьшка ца кху̇олло таьхь и Ди̇єшнаш!?
    Масалла:
    Diphthong — Шалхмокъа̇зз
    Monophthong — Цхьалхмокъа̇зз
    Konsonant — Мокъаза̇зз
    икх.

    Изза Хьа̇лла «Дагариє Дуьниєн»(Цифравой Мир) чуохь аъ ду:
    «Число» о̇лаш, «Тєрахь» Диєшах пхјєйди̇йцар ни̇йса да̇ц, «Число» — «Дагар» ду.
    «Использовать» о̇лаш, «Пайдэца» йа̇зздар ни̇йса да̇ц, цу Дуош йукъахь «ХЈ [h]» аъ ду, йє из [phɑjd] аъ да̇ц, [phɛjd] ду.
    Масалла, и «ХЈ [h]» Єппа тјаппаза доувш лаьтташ ду:
    Пхјаст [phɑst] Дыня
    Пхјєйд [phɛjd] Польза
    Тјархј [tʼɑrh] Наперсток
    Бєрхј [bɛrh] Винт; Пропеллер
    икх.

    Хоуврг да̇ц дє̇ра, ишта Хјамнаш аъ билгал ца доувлаш хиллча, дє̇ха/до̇ца Єлпаш дохьашдола Буолхбар йи, ца̇рна йукъахь Къа̇сстамаш му̇ха би̇єрг бар йи.

    Так что, Дуоттахий, Джигараллиє Раж гоччйа, хјандза аъ дукха гє̇нахь ду шуна — йоьххьийра, вайн Муоттанца дола Низамаш, ни̇йсда ди̇йзарг ду вай.

    (если что, не стоит заострять внимание на мой орстхойский)

    Ла̇рамца.

  2. louboutin daffodile canada

Хетарг язде

Хьан e-mail гуш хир яц. Юза еза хьарманаш билгалйина ю *

*

Пайдаэца йиш йолу HTML-тегаш а, атрибуташ а: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>