Коьрта агIо » Керланаш » Компьютерийн терминийн ингалс-оьрсийн-нохчийн дошамна тIехь болх

Компьютерийн терминийн ингалс-оьрсийн-нохчийн дошамна тIехь болх

Работа над англо-русско-чеченским словарём компьютерных терминов

Ноябран 12 дийнахь НР IА конференц-зала чохь пайде семиотикин отдело Iилманан семинар дIаяьхьира. Цигахь дийцаре дира компьютерийн терминийн ингалс-оьрсийн-нохчийн дошам кхоллар. Докладаш йира отделан Iилманан белхалоша С.С. Ирезиевс, А.В. Астемировс.

Дошам 3300 терминех лаьтташ ю, иза уггар хьалха отделан белхалошна оьшуш ю РО файлаш гочъеш бечу балха тIехь. Цул сов, иза эша тарло нохчийн матте яьхна йолу компьютерийн программаш лелон йолчу пайдаэцархошна. Ирезев С-Х. дийцарехь, дошам кестта кийча хир ю, коьрта долчунна цу тIехь дан дезачух диснарг – иза цхьайолу шеконе терминаш йийцаре яр ду.

Масала:

уровень адаптации – дIатарйаларан тIегIа

ссылка – тIетовжар

раскладка клавиатуры – Пилгуна маьIна хийцар

Юкъаялош керла терминаш ю нохчийн маттахь: пилгу – клавиатура,  иэс – память, халсту- шлюз, кхиерш а.

Астемиров А.: «Цкъа хьалха оха информацин технологийн 500 коьрта термин билгалъяьккхира. Цул тIаьхьа, коьрта дош юкъахь а долуш ро-файлаш юкъара тайп-тайпана дешнийн цхьаьнакхетарш вовшахтуьйхира. РО-файлаш дукха яккхий ю, царна юкъахь эзарнашкахь хаамаш хуьлу. Цундела и болх, сиха бархьама программех пайда а оьцуш, дIабаьхьира. Куьйга уьш лехнехь, масех бутт безар бара, ткъа программин гIоьнца сунна ши де тоьира».

Дошам цкъачунна шина бIогIамалгех лаьтта таблицин кепехь ю, шолгIа бIогIамалг юзаза а йолуш. Цу чохь нохчийн матте гочйина терминаш хила еза. Отделан куьйгалхочо Умархаджиев С.М. уьш гочъяр Iилманан белхалочунна Вагапов Iаьрбина тIедиллина.

5 Комментарий

  1. Маца гур ю иза тхуна?

  2. Кєста и Дуошам гарна ам кхи саготта аъ ва̇цар со, цунна тјиєхь би̇єргбола Биєлхана санна.
    Ам Да̇ла биєркатиє Буолх бойл цунах!

  3. Йєр хаздєллан су̇на:
    «раскладка клавиатуры – Пилгуна маьIна хийцар»
    «уровень адаптации – дIатарйаларан тIегIа»
    «пилгу – клавиатура»
    «иэс – память»
    халсту- шлюз

    Оца Диєшнашин Бух?
    «Иєс» мичара даьллан?
    «Халсту» мичара даьллан?
    «Пилгу» мичара даьллан?
    «раскладка клавиатуры» му̇ха гоччдин ду, «Пилгуна маьIна хийцар» тји?

    «Маьјан» Дуош (Не МаьјНа, а именно МаьјаН), «Смысл; Логика» Чула̇цам болаш да̇ц? И Дуош мичара даьккхан кху Гоччдараьхь?
    «Пилгуна» мичара даьккхан?

    Гја̇зкхиш ам латиниє «Clavis» (Дзєйл; До̇гј) тји̇йра тјилаьццан дар из.
    Тјкъа̇ вай?
    Вайн «Дзєйл» Диєшана тјиє «-М» тоьххача, изза «Дзєйлам» ца хул цунах аъ?
    Масалла:
    Дзєйл [ʣɛjl] тех. Клавиша
    Дзєйлам [ʣɛjlʌm] тех. Клавиатура

    «Раскладка Клавиатуры», масалла, «Дзєйламин Тассар», йє «Дзєйлам Хи̇йцар» а̇ла мєгаш да̇ц?
    Кхузахь аъ, цхьана джима Масаллана тјиєхь ишта гја̇латтиє Тјила̇цамаш хиллча, кхидја фу дуьвцарг ду…
    Фу Раж.. му̇ха гоччйи̇єрг йу.. из гоччйича аъ, цу Гоччйарин Дикалла му̇ха хила ди̇йз?…
    До̇цца ди̇йцача, как была совковая логика, так и осталась. Мало того, + еще и передается новому поколению.
    А о продолжении наглой «нохчмехкизации» нахского языка до самых косточек, я вообще молчу.

  4. Цхьа программаш нохчийн матт яьхний х1инца?
    Яьхнехь,муьлхнаш?

  5. Цхьа программаш нохчийн матт яьхний?
    Яьхнехь,муьлхнаш?

Хетарг язде

Хьан e-mail гуш хир яц. Юза еза хьарманаш билгалйина ю *

*

Пайдаэца йиш йолу HTML-тегаш а, атрибуташ а: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>