Нохчийн Республикин Iилманийн Академин  пайде семиотикин отдел

Хаамаш зарбане яьхнарг: admin

Нохчийн тезаурус

Мосазза схьаэцна: , барам: , терахь:

Лелоран инструкци

Хаамийн файлана Меню

Хаам
— Программех — хIара файл схьайоьллу.
— Авторех — авторех лаьцна хаам КхидIа еша…

Нохчийн меттан тезаурусна тӀехь болх

tez12-чу нойабрехь пайде семиотикин отделан, меттан а, литературин а отделан цхьаьнатоьхна семинар дӀайаьхьира. Доклад йеш пайде семиотикин отделан лакхара Ӏилманан белхахо Асхабов Хаважий, меттан а, литературин а отделан лахара Ӏилманан белхахо Абдулкадыров Адаммий вара. Церан доклад нохчийн меттан тезаурус йаран, цунах информацин технологийн декъехь пайдаэца гӀирсаш кхолларан хьокъехь йара. Абдулкадыров Адам нохчийн меттан тезаурусна тӀехь болх беш ву, ткъа Асхабов Хаважи цунна хьаьркийн чкъуьйриг (цифровая оболочка) кхуллуш ву. Чкъуьйриган хила йеза цхьацца бешхаллаш билгалйаьхнера Абдулкадыровс. КхидIа еша…

Компйутерна нохчийн маттахь къамел дан Ӏамо

Отделана хьалха лаьттачу декхарех цхьаъ ду нохчийн мотт барта къамел довзаран, цуьнан синтез йаран сфери йукъа балор. Вуьшта аьлча, компьютерна нохчийн текст барта дӀайеша а, озаца дечу къамелах кхета а Ӏамор ду и. Куйга кхоьллина интеллектан декъехь кхоллархочун белхаш уггар чолхе а, барам боккха болуш а белхех бу. Отделехь оцу хьокъехь дӀаболийна болх а бу нохчийн меттан а, компьютерийн лингвистикин а декъехь кӀорггера талламаш бар тӀедожош. Цул сов, цо программисташна хьалха чолхе, кӀорггера хаттарш хӀиттадо.

Оцу декъехь талламаш бар, юьхьанцара декхарш, оьшу гӀирсаш билгалдахар отделан лакхарчу Ӏилманан белхахочунна Израилова Элисина тӀедиллина дара. Элисас «Клъамелана синтез йаран а, и довзаран а некъаш» доклад йира. Цо билгал ма-даккхара, къъамелана синтез йаран некъаш масех кепара хуьлу: параметрикин, компиляцин, бакъонашца йен синтез, нейронан машин гӀоьнца йен синтез. КхидIа еша…

Нохчийн пилгу кхолларехьа болх

kbd1

Октябран 12-чохь Ӏилманан семинаран рогӀера кхеташо дӀайаьхьира пайде семиотикин отделехь. Кхеташонехь отделан белхахоша дӀахьуш долу гӀуллакхаш дийцаре дира. Царех цхьаъ дара нохчийн мотт мобиле системашкахь баржаран хаттарш. ТӀаьхьрчу шерашкахь цу новкъахь хьалхара гӀулчаш хаало. Иштта IOS системи чохь кӀиран денош нохчийн маттахь гойтуш нисдан йиш йу. Android системехь нохчийн маттахь йаздеш аьтто кхуллуш белхаш а бина. Масала, Google Play чохь ду Argyn пайдаэцархочо нохчийн «Ӏ» элп юкъа а тухуш, кечдина пилгу. Иштта, М. Бекаевс, И. Хасахановс кечйина SwiftKey пилгунан Beta-верси а. Нохчийн дошамаш чуйехкина программаш а карайо. КхидIа еша…

РогӀера цхьаьнатоьхна семинар

Презентация Хаважа1ДӀадаханчу цхьаьнакхетарехь шайна тӀе тидам бохуьйтуш докладаш йира семинаран декъахоша.

Хьалха доклад йеш пайде семиотикин отделан хьалхара Ӏилманан белхало волу Асхабов Хаважи вара. Цуьнан доклад отделан белхалоша кечйиначу дешнийн гуларан анализах йара. Хаважис и анализ кхочушйан йина программаш гайтира. Хьалхара программо документа чохь йух-йуха далийна долу дешнаш схьа а къестош, уьш масазза далийна ду дагар а деш, и хаамаш кхечу документа чохь билгалбоху.

И болх чекхбаьккхинчул тӀаьхьа кхидӀа дешнийн гулар йузуш программа а гайтира Асхабов Хаважис. Цо, тайп-тайпана хьостанашкара тексташкахь дан а долуш, гулар йуккъехь доцу дешнаш схьа а лохуш, уьш цхьана документа чохь гулдо. КхидIа еша…

НР ӀА Президиуман кхеташонехь доклад: «Компйутерийн программийн нохчийн локализацин дӀайаьллачу этапехь кхочушдинарш»


IMG_1731 - копия НР ӀА Президиуман рогӀера кхеташо дӀайаьхьира 2016.03.24. Кхечаьрца цхьаьна кхеташонехь нохчийн локализаци  дӀайахьаран таханлерачу хьолах дийцира. Цу декъехь кхочушдиначух доклад йеш пайде семиотикин отделан куьйгалхочо  Умархаджийев Салаудис. Доклад йеш, цо дийцира отделехь биначу тайп-тайпана белхех. 

 Нохчийн меттан дошамаш терахьашца йешалун электронан форматашкахь кечйар. Компйутерийн программийн локализаци  нохчийн меттан дошамийн буха тӀехь бен дӀайахьа йиш йац. Пайде семиотикин отделан белхалоша кхочушдечу гӀуллакхех цхьаъ ду нохчийн  меттан дошамаш терахьийн форматехь кечйар, иштта информацин технологийн декъехь оьшуш йолу керла дошамаш кхоллар. Таханлерачу  дийнахь тайп-тайпана шордарашкахь терахьийн форматехь кечйина хӀокху дошамийн файлаш: КхидIа еша…

Нохчийн маттана программаш кечйар

ДӀадаханчу кхаарийн дийнахь вовшахтоьхна йолу семинар нохчийн маттахь тексташца болх бечарна аьттонна отделан белхалоша программаш кечйеш дӀахьуш болу белхан хаттаршна лерина йара.

Белхалоша йийцаре йира отделан Ӏилманан лахара белхалочо Астемиров Арсламбека йеш йолу нохчийн-оьрсийн, оьрсийн-нохчийн онлайн дошам. Кечйархочо бахарехь, оцу программи тӀехь болу болх цхьа а духьлонаш йоцуш дика дӀабоьдуш бу, цундела пайдаэцархойн кестта аьтто хир бу отделан сайта тӀехь и дошам лело. Иштта чекхбаьлла лара мегар болуш бу «Dasho Dosham» программи тӀехь болу болх а. Нохчийн тайп-тайпана дошамаш чулоцуш йолу и программа сайта тӀера схьа а эцна компйутерш тӀехь лело йиш йолуш хир ю.

ШолгӀа доклад отделан Ӏилманан хьалхара белхалочо Асхабов Хаважис йира. Цо, шена оцу программех хетарг а олуш, цуьнан таронаш шорйан некъаш хьийхира. Цул сов, Хаважис ша йеш йолу программа а гайтира. Цо билгал ма-даккхара, и программа коьртачу декъана нохчийн морфлоги а, морфемика а толлучу филологашна лерина йу. КхидIа еша…

ТӀейогӀучу ханна декхарш


IMG_20151209_151845
Йанварь беттан 28-чу дийнахь пайде семиотикин отделехь рогӀера семинар дӀайахара. НР ӀА нохчийн орфографин хьокъехь бина сацамца доьзна хьалха лаьтта декхарш дара дийцаре деш.

Нохчийн орфографин цхьайолу керла бакъонаш Академино къобалйеш тӀеэцаро орфографица доьзна цхьацца хаттарш бахьанехь кхидӀа дӀабахьа йиш йоцуш сецна лаьтта болх чекхбаккха таро ло. Уггар хьалха чекхабаха безачу белхашна йукъахь билгалдаьккхира: КхидIа еша…

Нохчийн орфографи тоярехьа мехала гӀулч


IMG_1288
НР ӀА Президиуман рогӀера кхеташо дӀайахара 2016 шеран йанваран 26-чохь. Кхеташонехь кхечаьрца цхьаьна дийцаре дира нохчийн меттан нийсайаздар къепе далоран гӀуллакх а.

Нохчийн орфографи тойаран гӀуллакх нохчийн меттаӀилманчаша дуьйцу масех шо ду. Оцу йукъана цара талламан белхаш бина, керла бакъонаш йукъайахар мел оьшу а, церан Ӏилманехьа долу баххаш а толлуш, керла бакъонаш тӀеэцарехь мелла а атта, лазаме доцу некъаш лоьхуш. Цу хьокъехь цара конференцешкахь докладаш йина, Ӏилманан статйаш зорбане йаьхна. Цара нисйина бакъонаш хӀинца а йукъара бакъонаш санна тӀелаьцна йац, амма нохчийн маттаца болх бечу специалисташа, массара а бохург санна, и бакъонаш къепе йалоран болх ма-хуьллу сиха чекхбаккхар а, цул тӀаьхьа уьш массарна тӀе а йохкуш, йукъара норманаш санна тӀеэцар а мотт кхиарехьа чӀогӀа пайдехьа, мехалла гӀуллакх хирг хилар билгалдоккху.

Компйутерийн программийн нохчийн локализаци кхочушйеш, пайде семиотикин отделан белхалоша меттан коьчал (дешнаш) терахьийн формате йоккхуш, кечйеш боккха болх бу дӀахьош. Цундела орфографехь цхьадолчу хаттаршна билггал цхьа бакъонаш цахиларо, цул сов цхьайолу бакъонаш кестта хийцайала тарлуш хиларо чӀогӀа дуьхьло йо нохчийн мотт компйутерийн технологишкахь баржоран балха тӀехь. КхидIа еша…

Пайде семиотикин отделехь Керла Шо

IMG-20151231-WA0027нааа

ДӀадоьдучу шеран тӀаьххьара де пайде семиотикин белхалоша жима той дарца билгалдаьккхира. Кхечу отделийн белхалой а кхайкхира чу. Цхьаьнакхетар самукъане, вовшех марзо оьцуш дӀадахара. Беламе а, хьехаме а къамелаш деш, бегаш беш, ловзарш дӀахьуш, баккхийх болчеран хиллачух дийцаршка ладоьгӀуш дӀаяхара суьйре. Цхьаьнакхетар дерзош, Керлачу шарца массо а декъалвеш, тӀедогӀучу шарахь могушалла, ирс, хьекъал, собар, белхан кхиамаш хирг хиларе дегайовхонца а дистхилира отделан куьйгалхо Умархаджиев Салауди а, Академин президентан гӀоьнча йолу Оккаева Зарган а.

Наверх